Kitabı oku: «Чора», sayfa 3

Yazı tipi:

– Ва, Шемал, дика зуда муха хила йеза? – хаьттира гIойтIархойн ГIайрбека.

– Иза а халкъе хатта деза, – элира курачу Шемила.

– Со вистхилча, мегар дарий? – хаьттира йуха а Мовсара.

– Мегар ду, – бакъо йелира Шемала.

– Дера, зударех лаьцна дукха ма ду дуьйцуш вайн наха. Йалочу хенахь шен даго къастийнарг бен йала а ма ца йо. Амма дикачу зударшка даьлча, кхузахь доцца ала деза: ша хаза а йелахь, дегIан куц долуш а йелахь, чуьра гIуллакх дика деш а йелахь, дика йу-кх зуда.

– Шун дика зуда муха хуьлу, ва ламаро? – хаьттира Чорега Шемала.

– Шен цIийндегара гIалат даккха ца гIертарг массо а дика зуда йу тхан.

Чохь Iаш берш резахилла, Чорега хьаьвсира.

– ХIинца а хьо бакълоь, – къерахилира Шемал.

– Делахь, дин мулхачу говрах олу? – хаьттира шотойн ШаIмас.

– Ца хаьа, – элира Шемала, – иза а хIокху ламарочуьнгий, Мовсарей хатта деза-кх. Алал, Мовсар, хьайна хетарг.

– Суна-м хIума ца хаьара, амма сайна хеттарг эр-м ду. Нагахь санна говр йерстина а йелахь, куц долуш а йелахь, кура а йелахь, шен IиндагIах къехкаш а йелахь, масала хаьхкича хьалха а йалахь – дин бу-кха иза.

– Ламаро, ахь хIун олу? – хаьттира Шемала Чорега.

– Дена кIелахь йайн а йерг, урхана кIеда а йерг, ойла реманехьа а лаьттарг дин лору оха, – жоп делира Чорас.

«ОстопируллахI!» – аьлла, массо а цуьнга хьаьжжинчохь висира.

– И тайпа дин мичара болу шуна? – хаьттира Шемила.

– ДIайчуьра боккху оха.

– ЦIе хIун йу хьан?

– Чора йу.

– Дера, Чора, хьал тхоьгахь делахь а, хьекъал халкъехь ма дисина.

Бакълоь хьо, Мовсарна ала хIума ца дити ахь.

– Шемал, соьга алийтахьа цхь-ши дош, – элира Мовсара.

– Ала хьайна.

– Со жимма резавац ахь аьллачунна. Хьекъал йоза ца хуучу, къечу, боданехь бохкучу бIаьрзечу ламарошкахь дац. Хьекъал эпсарш а болуш, гIуллакхехь а болуш, йоза а хууш, Iилманан а, хьолан а дай долчу вайгахь ду. Чорина масех кица хаьа аьлла, иштта сиха сацамбан мегар ма дац. Хьуна хаа лаахь, суна ца хууш дац цхьа а кица а цхьа а илли, забарш а. Ас хIинцца цхьа-ши пхьа ма баллийнехь, и ша волччохь вуьсур ву. Шу резахилахь, цуьнца къовсавала воллу со.

– Гой хьуна, Мовсар, – элира Шемала, – ас аьлларг нийса а ду, бакъ а ду, йа хьо тоьлар а вац Чорел. Вайн дай, эпсарш а хилла, паччахьана гIуллакхе боьлхучу хенахь ламарой шайн къонахаллица Даймехкан а, халкъан а паргIатонехьа къуьйсуш бара. Со тIаьхьа бен ца кхиънера цунах. Паччахьан мундирах вайн дайша а, хIинца вай а вешан мохк бохкарххий, вешан миска нах хьийзораххий сан куралла йан меттиг бац, со-суо висинчу хенахь воьлху. Амма вай хIинца и дуьйцур дац, вай хьо цуьнца къовса а волуьйтур ву, нехан самукъадаккхархьама, амма цкъа хIинца, хила луург мехкаршка вист а хуьлуьйтуш, гIийла пондар а локхуьйтуш меттиг йийр йу вай.

Буьззина кад а боьттина, Чорега вистхилира иза:

– Чора, хьан со ваша ваха, дIамала хIара кад.

Кад а бохьуш, Чорина тIевеара цхьа жимха.

– КIентий, дика массеран а йукъара ду, вуон цхьаннан бен дац, дика кIант мехкан сий ду, вуон кIант кхиъч, а дегий, неней бехк боккху. Хийла дика кIант кхиийначу кху Нохчийчоьнан и кIентий кхуьу кхерч ма шеллойла! Вешан доттагI, веллачу тезета а, йеза йоI маре йаханчу ловзарга а ма хIуьттийла вай! – аьлла, Чорас шен кад охьабиллира:

– Бехк ма биллалаш, со молуш вац, – олуш.

– Со лолда хьан, Чора, хIара кхин цхьаъ а кедан дош, – аьлла, вистхилира гIойтIархойн ГIайрбека.

– ХIан, кIентий, шух стаг вала лууш верг тховса лолда, вон хилалууш верг, цIарах вогийла. Шун барт ма бохийла, вовшашца цабезам, хьагI а ма хуьлда. Шун керта ван веза доттагI а ма эшаволда. Шун вовшех безам а ма бойла, оьцу безам а ма хедийла, шун самукъадаьлча халахеташ, шун сагатделча самукъадолуш волу стаг тховса вайца велахь, кхана шен беза доттагIий а гулбина, сакъера хиъначохь бовха кхача чохь болу йай хаьрцийла цуьнан, пеш чухаьрцийла цуьнан. ТIодах жа даханчу бекъачу новкъахь когаш берзина воьдуш, тIехь кетар йоцуш, карахь гIаж йоцуш, дала орца доцуш, вала меттиг боцуш, масачу жIаьлеша къиза хьийзаволда иза. Мокхазах мотт бетташ, цIарца молха детташ, некъо гола мел тухучохь шен дена кIел хуьйшийлаиза. Дийначуьнан коьртах маIаш йовлийла цуьнан, веллачуьнан коьртехь нитташ бовлийла цуьнан. Валар вехначохь хуьлда цуьнан. Йелха йиша йоцуш, товжа нана йоцуш, шийтта зуьдан кIеза тIаьхьа а делхош, тайша зуд тижийла цуьнан коша тIехь! – аьлла, Чорас йуха а самукъадаьккхира.

Цул тIаьхьа цу чохь мел волчо доггах хелхаран бал баьккхира.

– ХIан, – элира Шемала, хIинца, жимма хIокху вешан синкъерамах лаьцна къамелаш а деш, гIийла пондар лакхийта вай?

– Шемал, дукха лер товш-м дацара, делахь а, со цу Iачу кIайн гIабали йолчу йоIе вистхир вара, цуьнан цIе а ца хаьа суна, – элира Чорас.

– Хила мегар ду, цуьнан цIе Селимат йу, – элира Шемала.

– Селимат, хьан къа ду, – аьлла, дIадолийра Чорас шен къамел, – мохой, малхой бос а хуьйцур боцуш, туьраний, тоьпаний агIо а узур боцуш, стигал тIейоьлху аьлча а, лам хаьрцина богIу аьлча а, йухавер а воцуш, со санна волу кIант хьайн бIаьра хьаьжча, йерриге а гIабалина йукъа а оьхуш, шина шайна айхьа тIехьаькхна басарш генара лепа а деш, уьшалахь пхьид санна, йерриге а йусайелла, уллерчу зудаберашна муьшканаш а йеш, хиъна Iаш йу хьо. Суна-м, дера, хаьа хьуна исхарийн коч-хечий а дуьйхина, бухаройн холхазан куй а тиллина, гурахь йаьккхина нIаьна-кIорни санна, шен тIилдиг а цIийина, цхьа моша кху чудаьлча, цо таIийначу бIаьргах Iехайелла, хьо цуьнга маре гIур йуй. Амма йахча хиндерг ас дуьйцур ду хьуна. Шуьшиннан ледарлонаш лечкъо кIордийчахь, дас-нанас эр ду: «Зуда йало стаг хьо а хилча, маре йаха зуда хьо а хилча, дера деза шайна даха». Лулахошна санна, кетIа шайна цхьа цIай, сений а доьгIна, хьелашха къастийна маша доцу цIагара йетт а белла, котамашха акха йехка котам а йелла, жIаьлешха стешха лета жIаьла а делла, цу чу кхуссур ду шуьшиъ. Шаьшшиннан дахар тоделла моьттуш, маьркIажехь дижча – гIушлакхехь гIоттуш, пхьуьйрехь дижча – делкъехь гIоттуш, уьшал чохь пхьидаш санна, цу чохь хьийзаш цхьа хан хьур йу аш. Корах арахьаьжча, йиллина йис а гича, неIарх арахьаьжча, диллина ло а гича, вайшиннан цIагарна йилла йол оьшу аьлла, вовшех дагадер ду шуьшиъ. ДIахьаьдда, мекхо биъна гIолан тIехь нийса а боцу мангал схьа а эцна, гIайракх муьлхачу агIор хьакха йеза ца хууш, иза ир а бина, вахана, текхарг йуьйш санна, и лестийна, йол а къажйина, маьркIажал тIаьхьа цIакхочур ду хьан моша, и болх ца лалуш, гор а оьхуш, бертал а детталуш. Йижначуьра цIеххьана самайаьлла хьо, баккъала а цунна цхьа хIумахилла моьттуш, кхерайелла, цкъа коьрте йуьйлуш, йуха когашка йуьйлуш: «Вай, хьан ма йала хьан йезар, цIеххьана мангал хьаькхна чоь меттахйели-те хьан, суьйренга вахана, жинийн хIуо кхийти-те хьох, йа тахана цхьа адам доцчохь нехан матто левина, сох йолу дог-ойла дIайаьккхи-те хьан?» – бохуш, хьуо, докъана санна, цунна гонаха хьийза йолайелча, дагадогIур ду хьуна со санна волчу кIанта хьайга хьежийна бIаьргаш. Цундела, ас цхьа бIаьрг таIийча, ший а бIаьрг таIош, соьга сакъера ахь, – аьлла, чекхдаьккхира шен къамел Чорас, вохвелла схьабаьккхина куй шена кIел а буьллуш.

Чохь берш гIадъоьхуш буьйлура. Чорас бохург дан деза аьлла йоIана тIе а дожийра. Чорин гIуллакх хиллачул тIаьхьа мехкарийн тхьамдане, шега сакъера аьлла, тIе хабар дахьийтира Мовсара. Иза рез а хилла, Чорица къийсалуш волу Мовсар, цул ца эша гIерташ, шена хуьучу агIор сакъера велира.

– ХIан, хIинца дечиг-пондарш локхучара хIун до хьовса вай? – элира Шемала. – Массара а шайна хазахеташ йолу йиш локхур йу аш. Дикаха лекхначунна хIара дашо туьма а ду шуна, – аьлла, стоьл тIе охьадиллира цо ахча.

Чорина цкъа а ца гинера иштта дукха ахча. Кхаа соьмах йетт лора, диъ сом делча, говр а эца мегар дара. Ши йеттий, цхьа говррий, хIумма а доцуш волчу Чорас боккха бахам лорура. «Дависарг-йаI, долчуьнан ма дукха ду хьо, доцчуьнан ма дан а дац хьо!» – бохуш, цу ахчанан ойла йеш Чора Iашшехь, пондар лакха рагI хIокхунна тIекхаьчнера. Амма уллохь Iаш волчо, пондар, хIокхуьнга а ца луш, тIех а баьккхина, вукхуьнга дIабелира. Ткъа цуьнан тидам хиллачу Чорас, пондар схьа а эцна, цунах пIелг а тосуш, элира:

– Ламарой шайна тIехула когаш кхийдабойтуш бац.

Хьолахочун йоIе Маржане болчу безамо вахийна, дуьне гIийла даа Iемина, ша арабаьккхинчу новкъахь аьтто а ца хилла – и дерриге а легашкахь, шад хилла, сецначу Чорас, ладугIучийн ойла Iадор йолчу, дог делхор долчу агIор белхабора пондар.

Нах а, цкъа тапъаьлла тийна, Чорега хьоьжуш совцабелира, амма дукха хан йалале хIор а, куьйгашца шен корта а лаьцна, кIорггера ойланаш йан волавелира. Цхьаболчийн бIаьргашна хьалхахула чекхдуьйлура Нохчийчоьнан лекха лаьмнаш, халонна къежделлачу церан кортошна тIехь, цкъа а ца гIовтта санна, йийшина Iохку йеза, Iаьржа мархаш.

«Ойт, маржа дуьне-йаI!» – олий, корта хьала а ойбий, мохь тухура цхьаволчо. Ткъа, важа, бIешерашкахь паччахьана дуьхьал къийсам латтийна болу шен хьоме Даймохк йийсаре бахана а гой, къизачу паччахьан эскаро акхараллица нохчийн йарташ сийначу цIарца йагочохь, нохчийн миска халкъ, къинхетам боцуш хIаллакдечохь, шайн са а ца кхоош, царех летта болчу нохчийн дикачу кIентийн кешнийн баьрзнаш ширделла доьдуш а гой, цкъа бен ваха ца деллачу кху дуьненчуьра къийсам латтош дIабевллачу цу кIентех долчу иллин дешнаш дицделла доьдуш а гой:

«О, байттамал, дуьне-йаI!» – олий, йуха а куьйгаца корта а лоций, ойланашка волура. Чорас пондар сацийра.

– Чора, – элира цIеххьана хьалаайвеллачу Шемала, – нехан чIогIа догдоьхна-кх, цхьа забаре илли алахьа.

ТIаккха Чорас, пондарх пIелг а тоьхна, ламаройн забаре илли долийра:

ТIетаIIош тиллинчу лохачу беданахь

Хьаж тIе хьакхар ва хьаькхна,

Ша басна тойелла,

Туьйдинчу хуьлчешца, эттIачу кIажошца,

Шен йоьхна кучан тIалх коьрта тIе ва уьйзуш,

ЭттIачу кетарна эханган лол бетташ,

Ша йехаш йара, тов, ва Харгин бабин йоI.

Ма тера йац цунах вайн кура Нурипат!

Ва лайлахь йалалай, лайлахь валалай.

Цу нуьйран меттина, ва каскус оьллина,

Бохь боьхна куй санна,

Ша кхиэлахь товелла,

Сирачу кхелана докхан чIабаг ва бетташ,

Охьаиккхира, ма бах, йохара ХIимара

Дербишан ва Даццай.

Ма тера вац цунах вайн кура ва Мовсар!

Ва лайлахь йалалай, лайлахь валалай.

«Духарах кечвелла, ва динахь товелла,

Сирачу кхелана докхан чIабаг ва бетташ,

Со вогIуш ва вайча, хьуна муха хийтира,

Ва Харгин бабин йоI?» –

Олуш вистхилира, тов, Дербишан ва Даццай.

«Делаха йалда со, ва хьоьха йалда со,

Ва дешан томана ас хьоьга ва бахахь,

Сирачу кхиэлана докхан чIабаг ва бетташ

Цу хIимойн басара хьо вогIуш ва вайча,

ГIелашкахь топ кхетта сира сай богIу

Со моьттуш йацарехь, Дербишан ва Даццай!

ТIетаIIош тиллинчу кху тоьлин беданахь,

Хьаж тIе хьакхар ва хьаькхна,

Ва басна тойелла, эттIачу кIажошна

Туьйдинчу хулчешца,

Сайн йоьхна кучан тIалх коьрта тIе ва уьйзуш,

ЭтIтачу кетарна эханган лол бетташ,

Со йегIаш2 ва гича, хьуна муха хийтира,

Дербишан ва Даццай?»

«Делаха вайла со, ва хьоьха вайла со,

Ва дешан томана ас хьоьга ва бахахь,

Духарна хазйелла, ва басна тойелла,

Лохачу беданахь хьо йегIаш ва гичахь,

Суна ма моьттура йалсаманера деана

Хазалла ва дуьйцу, огIарийн хьоза ду,

Йезара хьо суна мерзачу сил дукха,

Йолахьа хьо соьга, ва Харгин бабин йоI», –

Бохуш лен велира Дербишан ва Даццай.

«Со йогIур йарий хьоь, Дербишан ва Даццай,

НеIар тIе доьхь догIуш, дийшина кхаш делахь,

Ламанан ва басахь жан жоьла хьан белахь,

Жоьлах букъ тоьхна Iаш жан жIаьла хьан делахь,

Чуьхьех3 дуьзна шаьлгаш хьан баьрчехь ва делахь.

Со муха йогIур йу, Дербишан ва Даццай,

Нохчийн йеса тапча ва санна,

Десачу хьан цIен тIе?»

«Ма йалал дакъаза, ва Харгин бабин йоI,

НеIар тIе доьхь догIуш дийшина кхаш делахь,

Ца йало йарий ас хьо йуьртан ва пхьоьха.

Ламанан ва басахь жан жоьла ва белахь,

Ца бало барий ас хьо пIелгийн ва бегаш,

Чуьхьех дуьзна шаьлгаш сайн баьрчехь ва делахь,

Ца дало дарий ас хьо берийн ва ловзар.

Хьо ца йагIахь соьга йан реза йуй хаалахь

ЦIарна цIе йахана Покушан Париза!» –

Шел хьалха ва йаьлла Париза йахарна ва кхоьруш,

Ша берта йахара и Харгин бабин йоI.

Замой гулбан вахара Дербишан ва Даццай,

Лаьмнашкахь йиллинчу йохара ва ХIима.

Цо вовшахтуьйхира йахь йолу и кIентий:

ГIурашан ва Iуспа, ТIадалан ва Iума,

Цициган Лабаза, ва Толкхан Махьама.

Зурма лакха хIоьттира Киназан ва Миназ.

Вота тоха хиира ва БуртIин БутIатIар,

Хелхавала гIеттира хье боккха ва ЙокIа,

Цуьнца хелхашершира Покушан Париза.

Ватлайлахь йатлайлахь, йатлайлахь ватлайлахь,

Ма тера дацара и вай дечу ловзарах!

Чорас, шен илли аьлла а ваьлла, пондар охьабиллира. Цул тIаьхьа и лакха лууш цхьа а вацара. Шемала, канашца схьаэцна, дешин ахча:

– ХIан, Чора, хIокхуьнан хьо воцург да вац, – аьлла, дIакховдийра.

Амма Чорас, корта а ластийна, ца оьшу шена элира.

– ХIунда ца оьцу ахь дIа, ахча ца эшшал вехаш ву хьо? – хаьттира Шемала.

– Шун самукъадаккхархьама, суо санна болу миска нах а эшийна, даьккхинчу цуьнан да хила ваьхьар вацара со сайн дагах, – элира Чорас.

– Хьуна и дан а ца догIура, – элира Мовсара, – и ахь йина гIовгIа-м ас вижина Iуьллуш а йийр йара.

– Хьоьца къовса а велла, хьан кисанара даьккхина, сайна луш делахьара-м, оьцур дара хьуна ас, и шай бен дацахь а, –элира Чорас.

– Со хьоьца къовса-м ло, соьца къовсавала хьо хIума хууш велахь, – элира Мовсара. – Амма хьан, нагахь со толахь, дала ахча-м дац.

– Ахчанах-м ас жоп ло, хьоьца къовсавала хIун хаа деза цунна? – хаьттира Шемала Мовсаре.

– Вайн нохчийн кицанаш а, туьйранаш а, пхьанаш ахаа деза-кх.

– Ахча мел дуьллу ашшимма?

– Чора резаверриг дуьллу, – элира Мовсара.

– Хьан дилла таро йоллучунна Чора реза ву, ахь мел дуьллу? – хаьттира Шемала.

– Ас ткъе итт туьма дуьллу, – элира Мовсара.

Цо сел дукхачу ахчанан цIе йаьккхича, харт аьлла, Чорин дагах цIе йелира, нагахь ша эшахь, Шемална зиэн хир ду-кх аьлла.

– Чора, хьо реза вуй? – хаьттира Шемала, вела а луш.

– Ву со, – элира Чорас, Шемалан велаваларх догйовхо йолуш.

– Делахь, дIакъовсало ший а. Тхо хьовсур ду хьекъал шуьшингахь хьенан дукха ду, – элира Шемала. – Охьадилла стоьла тIе ткъе итттуьма.

Охьадиллира Мовсара а, Шемала а ахчанаш.

– Стенна тIера дIадоладо вайшимма? – хаьттира Мовсара.

– Хьуна луъучунна тIера.

– Волалуш дайчарна тIера волалой вайша?

– Мегар ду.

ТIаккха Мовсара пхьа балийра:

– ХIетал-метал хаалда хьуна, хин йистехь Iуьллу дашо бохча?

– Пхьид, – аьлла, Чорас шен пхьа балийра:

– ХIетал-метал хаалда хьуна, бердан йистехь кхозу докхан нуй?

– Мел йиъча а ца йузург?

– Хьер, – жоп делира Чорас, тIаккха Мовсаре хаьттира:

– Ап-сап пирло Iуьрг, бохь цIунгала воIана тIулг?

Тапъаьлла дIатийра Мовсар, цунна хезна а бацара и тайпа тамашийна пхьа. ГIеххьа ойла а йина, «гIала йогIийла», элира цо.

– Тоьпан хIоъ, – аьлла, дIадийцира Чорас.

– ЦIечу гIаж тIера кIайн котамаш? – хаьттира Мовсара.

– Цергаш, – элира Чорас. – Вайн тхов тIера ах сискал?

– Бутт. ЦIинцIалго текхо минцIалг?

– ХIума тоьгучу мехо текхо тай. Йезаш мерзий, йуш къаьхьий, йуьтуш товшший йерг?

– Зуда, – элира Мовсара.

– ХIан-хIа.

– ГIала йогIийла.

– Цигаьрка, – дIадийцира Чорас.

– Уггар а маса йерг? – хаьттира Мовсара.

– БIаьрг. Уггаре а мерза йерг?

– Наб. Уггаре а хьоме йерг?

– Нана. Массо а къера верг?

– Безам. Массарел а эвхьаза йерг?

– Зуда. Дуьненчохь уггаре а декъаза хIума?

– Вир, – элира Мовсара.

– ХIан-хIа, херси, – элира Чорас.

– ХIунда?

– Цуьнан цхьаъ бен нана а йац, иза а хьакха йу.

Чохьберш бийлабелира.

– Мах боцург, мах банне а боцург а?

– Зудчун мах бац, дикачун банне а бац, – элира Чорас.

– Барзо жа йукъара хIун хьолда?

– Бажанна вуон газа. Уггаре а вон лазар муьлха ду?

– Вуон зуда. Ирсан цIе хIун йу?

– Дика зуда. Къоналлин суй стенах олу?

– Дикачу зудчух. Дахар мерза мичахь кхехка?

– Дика зуда йолчу цIен тIехь. Ча стенах хилла?

– Стиглара седарчий а дагардина, дай чуьра хьаьжкIийн буьртигаш а дагардина, хьуьнха йаханчу зудчух хилла.

– Буо муьлха бер лору?

– Да воцург ца лору, нана йоцург бен, – элира Мовсара.

– Ирсо ший а неI тIе маца къовлу?

– Да дIаваьлча – цхьа неI къовлу, нана дIайалахь – ший а неI къовлало. Дуьне хьенан дац?

– Доггах йезаш йоI йоцчуьнан дац, – элира Чорас.

Цо и аьлча: «Ойт, Чора, йаI!» мохь туьйхира цхьамма.

– Безаман хьал дика хьанна девза? – хаьттира Чорас.

– Безамо велхийначунна девза.

– ТIехьийзаш йоI а йолуш, веллачу кIентан мочхал маца кагло?

– И маре йахча. Дахар мичхьа дац?

– Доггах кхехкаш безам боцчохь дац. Цкъа а хаьрцар йоцчу чIагIонан пен мичахь бу?

– Дика доттагI волчун бу. Болатан лам долахь хьенан бу?

– Дика доттагI волчун бу. Безаман шовда хьенан ца лекъна?

– Дика доттагIий болчийн ца лекъна. Цхьалха мила висина? – хаьттира Чорас.

– ТIехь ант доцу доттагIий лехнарг висна. Вашас ваша хьанна вуьту?

– ДоттагIчунна вуьту. Хьан йина чов ца йоьрзу?

– Матто йина чов ца йоьрзу. Беран даг тIера зезаг маца дужу?

– Нана йелча, дужу. Къуй къолах маца боьлху?

– Буьйсанна.

– Мича хенахь?

– Iарж ма-йеллинехь, – элира Мовсара.

– ХIан-хIа.

– Буьйса йуккъе йахача.

– ХIан-хIа, – велавелира Чора.

– ГIала йогIийла!

– Ас дуьйцур ду. Буьйсанах кхо дакъа хуьлучу хенахь, жIаьлех хIоз хуьлучу хенахь, наб кхеташ воцу хIусамда шайтIано вижийначу хенахь, бенахь Iачу чIегIардиго: «ЦIири-цIуьри – сан кIорни» – бохуш, эшарш лоькхучу хенахь воьду говза къу къолах, – элира Чорас.

– Ойт, Чора, ламанан борз йаI! Ца хууш, хьаха, вац, – элира чохьIачех цхьамма.

– ДIавала, Мовсар, ахь лелориг гIонжагIехь а дац, масийттаза а гIала йалайайти хьоьга цу ламарочо, – элира вукхо.

Шен сакъоьру кIант эшча цаладеллачу Нурипата хаьттира:

– Ва, ламаро, шун хилла гIабакх муха хуьлу?

– Сан бустамийн зIаьнарш санна, хуталш хоьций, Мовсаран мара санна, чухьаьвзий, колат а долий хуьлу, – элира Чорас.

Чохь мел верг гIадвахана велавелира.

– ДIавалахьа, ахь эшор вара со, – стечун майра хьо велахьара, аганан сиппа лоькхуьйтург тоьк йассор йара ахь!

– Хьо къона нIаьна йелахьара, хуталшна кIелхула лелар хир дара хьан, хуталша мустбина букъ а, тIемаш а хир дара хьан, «вакъ-нана», – бохуш, кхайкхар а хир дара хьан, – элира Чорас.

– Стеган ах вахар хIун лору?

– ЦIе. Къонах хьан во? – хаьттира Чорас.

– Сискало. Хала стаг мила ву?

– Сискало винарг. Комаьрша мила ву?

– Йерг йелларг. Майра мила ву? – хаьттира Мовсара.

– Йерг тоьхнарг. Хьаша мила ву?

– Йерг йеънарг. Сискалан мах хIун бу?

– Дика къонах. Къонахчун мах?

– Ша биннарг. Вайн цIийна тIехьара йеха хьаббаба?

– ЖIаьлин-нускал. Хьакхин жижигца кхехкийча а, йаа мега хIума?

– ХIоа. Схьалаца тIам а, охьахIотто бух а боцу хIума?

– ХIоа, – элира Чорас.

– ХIан-хIа, – элира Мовсара, Чорас нийса аьллашехь.

– ГIала йогIийла, – элира Чорас.

Чохь Iаш болчех цхьаболчара, хазахетта, тIараш туьйхира.

– И, хьаха, ду ахь соьца ден пайда боцу къамел, – элира Мовсара.

– О, Мовсар, тола воллу, иштта бен доьрзур а дацара иза! – бохуш, маьхьарий хьоькхура цхьаболчара.

– Ламаро, сан а дара хьоьга дан цхьа хаттар, – элира Нурипата.

– Де ахь, – элира Чорас.

– Зарккъанцехь когашкахь сетташ, куралла бертигаш а ийзош дуьйхина цIен пезагаш а хьайн ца хилча, сол мила тоьлур вара бохучу кIентийн коьртехь хиъна мекх хьовзо къонах а хьо ца хилча, тхьоз санна, боккха хьайн мара а бохьуш хьо хIунда вогIура хьоладай сакъера гулбеллачу?

– Кхаарчу бежан бен сиппа ца мегаш, гирданах цайинарг тоьк а цамегаш, аганан гIоже когаш кхийдош кхиъна эвхьаза жеро кху чохь хир йуйла хууш, веанера со кхуза, – жоп делира Чорас.

ВорхIазза йолу тапча а йаьккхина, хьалаиккхира чохь болчех цхьаъ, иштта къамел могуьйтур дац ша аьлла.

– Ахь хIун дей, кIант, – элира Чорас. – И бумбарийн бен суна тIе а ца лоьцуш, охьахаа хьо. И дан хьо реза ца хилахь, ламарочун тхьамаран кхадаро къамел доца дийр ду хьоьца.

– Охьаховша! – бохуш, мохь хьоькхура хIусамдас.

– Арайаккха и боьха ламаро! – бохура Мовсара.

– Охьаховшал, нах, собардел цкъа! – элира Шемала, нах карзахбевлча. – Мовсар, хьо дика хIума а йиллина, къовсавелла ву, хьуо эшна ахь ларахь, куьйгаш айъа деза, ца ларахь – кхин дIа а къовсавала веза. Хьо, тапчанца чугIерташ верг, хьайн гIуллакх доцчу а ца гIерташ? IадIе. Ахь, Нурипат, и ламаро марса ма ваха, цо итт шарахь дийццал хIума дуьтур ду хьуна тIаьхьа. Ткъа ахь, Чора, вайн самукъадаккха цхьа забаре илли ала.

2.ЙегIаш (диал.) – йехаш Iаш
3.Чуьхьеш – шурин сурсаташ