Kitabı oku: «Лаьмнаша ца дицдо», sayfa 28

Yazı tipi:

Поэтан а, доӀанерчу лирически турпалхочун а цхьа лаам бу, оцу лаамца и шиъ вовшах кхетта, цхьааллехь ву – «Адам» бодане Ӏазапера къинхетаме Делан серлоне дуьгучу новкъахь – Цуьнан «гӀоьнча» хилла, пайденна хила лаар. Хьалхара доӀа поэта йаздина шен нохчийн къомана а, йерриге а пачхьалкхана а тӀехӀоьттинчу инзаре боккхачу сингаттаман кӀорггера ойла а йина («Меттан ницкъ берриг а Сайн дагца гулбина» . 5–6.) Деле беш кхайкхамаш бу, дехарш ду. Оцу ворхӀ дехаран чулацамца, церан тематикица билгалйолу поэтан дуьнен чохь вахаран Ӏалашонаш, цуьнан уггаре а кӀорггера синан а, деган а лаамаш: 1. Поэта АллахӀ-Деле доьху шен корта дикачу ойланех бузар; 2. Коьртехь йолу дика ойланаш толош, поэтан аьтто бар; 3. АллахӀ-Дала адам шен серлоне дуьгучу новкъахь оьшучохь поэтах гӀоьнча вар; 4. Поэтан дика дерриге а адамийн долахь гайтар; 5. Адамийн дика дерг поэтана ган таро хилар; 6. Поэта шен хьекъал а, дог а АллахӀ-Делаца бертахь дар доьху; 7. АллахӀ-Делан дикачу новкъа ша вигар доьху поэта Кхоьллинчуьнга.

ХӀокху доӀанан дехарийн чулацаман маьӀна а, церан поэтически сурт кхолларан гӀирсийн чулацаман а анализ йеш, вай дешархойн тидам тӀебохуьйтур бу доӀанехь нохчийн кхиъна вогӀучу поэта шен ойла билгалйоккхуш долчу маьӀнийн коьртачу дешнашна. Царех цхьаъ ду «адам» (къам, халкъ) боху дош, хьалхарчу доӀанехь Сулаевс кхузза далош долу. Итон-Кхаьллахь нохчийн лаьмнашкахь Ӏаш а, лоьран болх беш а волчу поэта буьйцуш берш шен къоман нохчий хилла ца Ӏа йа къаьмнашца къастийна нах бац – дерриге а адамаш ду. Уьш вай Кхоьллинчо, къаьмнашкахь къеста а ца деш, Шен серлоне дуьгуш ду. Оцу халачу а, жоьпалле болчу а новкъахь долчу дерриге а адамех къинхетам беш ву нохчийн поэт. Цо доьху вай Кхоьллинчуьнга шен Поэтан долу «дика» адамашкахь гайтар. Кхечу кепара аьлча, цаьргахь массаьргахь а вовшашка къинхетам а, АллахӀ-Делах тешар а хуьлийла лаьа Сулаевна, шегахь санна. И ду цуьнан «дика». Цул сов, Кхоьллинчо шена делла Поэтан кхетаман дакъа доллушехь, куралла а йац цуьнгахь. Адамийн дика дерг шена ган таро йоьху Поэта АллахӀ-Деле. И нехан «дика» ган а, гича шена тӀеэца а лаам бу Поэтехь. Иштта, массеран сингаттам, массо адаман доладар, къинхетамбар шена тӀеозийна, бакъволу дуьненан Поэт хилла ГӀойтӀара Сулимин ЦӀоьбигӀеран Абун воӀ Мохьмад. ТӀетохар Сайн синца, йуьхьаца Хьоьгахьа вирзина, Йерриге ойланца Хьуна тӀевирзина, (*) 5. Меттан ницкъ берриг а Сайн дагца гулбина, Йо, Дела, со Хьоьга Доьхуш ву тахана: Дикачу ойланех 10. Бузалахь сан корта, Уьш толош, аьтто а Ахь белахь сан шорта, Адам Хьайн серлоне Дуьгучу цу новкъахь 5. Оьшучохь хьайн гӀоьнча, Доьху, сох ахь велахь! Гайталахь сан дика Адамийн долахь, Адамийн дика дерг а. Ган таро лолахь. Хьекъал а, дог а сан Хьайца дай бертахь, Йо, Дела, вигалахь Хьайн дикчу новкъа со. (1942 – 5 октябрь, Итон-Кхаьлла)

Мунаев ИсмаьIил, филологин Iилманийн кандидат, фольклорист

Yaş sınırı:
16+
Litres'teki yayın tarihi:
14 haziran 2023
Yazıldığı tarih:
2023
Hacim:
520 s. 1 illüstrasyon
Telif hakkı:
Автор
İndirme biçimi:
epub, fb2, fb3, ios.epub, mobi, pdf, txt, zip

Bu kitabı okuyanlar şunları da okudu